ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митингхойн лехамаш бух боцуш хета Евкуровна


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

Магасехь митинг вовшахтоьхначу нехан лехамаш бух боцуш бу аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, бахархошца кхеторан болх дIабахьар Iалашонца ша референдумах лаьцна низам юхадаьккхина хиларна. Цунах лаьцна дуьйцуш ду ГIалгIайчоьнан Iедалан сайтан тIехь.

Дозанах а, референдумах а лаьцна дац хаттар, уьш ца хилча цу нахана кхин бахьанаш карор дара Iедалшна Iаткъам бан, боху Евкуровс.

Цо дийцарехь, оппозицин цхьаболу векалш шайн Iалашонашка кхачархьамма хуъушехь харц къамелаш деш бу нахана юкъахь. Адамаш митингашка а кхойкхуш, республикехь политикан ницкъийн меттигаш хийца гIерташ бу жигархой аьлла, хета цунна.

"Уьш кийча бу маьрша нах митингашка а, кхечу юкъараллин мероприятешка а кхайкхина, низамаш лардон органашца тасабалийта", - дIахьедар дина Евкуровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG