ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бакъонаш ца йохийна Мордоверчу колонехь - Крутов


Мордовера № 5 набахтехь.
Мордовера № 5 набахтехь.

Мордоверчу Юкъараллин тергонан комисиин куьйгалхо Крутов Валерий хилла тутмакхаш шаьш-шайн гайш этIийначу № 5 колонехь. Чубоьхкинчу нахаца къамел динчул тIаьхьа колонин белхахоша низамаш дохийна меттиг ца карийна Крутовна, хаам бо "Обзор" зорбанан гIирсо.

Цо дийцарехь, тутмакхаш шайн бакъонаш талхор лерина колонин белхахоша шайга мотт дIабаккха, къепе латтае, дегI меттах даккха арадовла алар. Чубоьхкинчарна, шайна юкъахь маситта нохчо а волуш, иза шайгахь догIуш дац аьлла хетта, билгадаьккхина Юкъараллин тергонан комисиин куьйгалхочо.

Крутовс чIагIдарехь, цуьнца къамел деш цхьана а тутмакхана ца лиина латкъам беш официалан кехат яздан, хаам бо "Кавказский узело".

Мордоверчу колонехь хан токхучу нохчийн гергарчара дийцарехь, цигахь тутмакхашна етташ а ю, царна тIехь Iазап латтош а ду.

Дукха хан йоццуш Мордоверчу набахтера мукъаваьллачу Нохчийчуьрчу вахархочо Бисинаев Абубакара "Кавказ.Реалица" зIене ваьлча дийцира цу колонехь лаьтташ дерг.

"№5 набахтехь Iийна со. Хьаькамо Трофимов Валерийс ша йиттина суна массийттаза. Ас аьрзнаш яздора, царех пайда а болура. Дукха хьолехь набахтера ара ца долуьйту арз. Адвокатехула бен ца кхочу ахь хьажийначе. Ткъа аьрзнаш дийраш даима а санна кхобу таIзар дечу баракехь, я изоляторехь. Набахте бакъоларъярхой баьхкича, аьрзнаш деш хьо велахь, дIалачкъаво лазартне я Готтачу Чоьне (ПКТ), ткъа хьан цIе тIехь йолу бейдж уллу набахтина муьтIахь волчу кхечу тутмакхна. Цо аьшпаш бутту, ша со а ву, шен дерриг дика а ду, олий.

15 стаг вара кху деношкахь №5 набахтехь шаьш-шайн гай датIийнарг. Царна юкъахь ву 4 нохчо.

Юьйцучу колонехь хан токхуш ву 200 гергга бусалба стаг. Царах 40 ву нохчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG