ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн лаьттан дакъа Нохчийчоьнах хьалххе дIатоьхна, боху Дагестанан юкъараллан жигархочо


Дагестанан а, Нохчийчоьнан а доза билгалдаккхарехула комиссин кхеташо.
Дагестанан а, Нохчийчоьнан а доза билгалдаккхарехула комиссин кхеташо.

Дагестанерчу доза билгалдаккхарехула комиссин декъашхой реза боцуш бу Нохчийчоьнан куьйгалхошна. Цара дийцарехь, нохчийн агIоно "дозанаш билгалдахаран болх дIаберзале, шайн кадастран чоьте эцна ГIизларан кIоштахь дозанца долу къовсаме дакъа". Цунах лаьцна яздо "Кавказ.Реалиино".

Дагестанера юкъараллан жигархочо Микаилов Михаила шен Facebook-чу агIонехь дуьйцу хьехош ерг Новомонастырское эвлан гергахь йолу территори ю (80 гектар).

Историко, Дагестанан а, Нохчийчоьнан а доза билгалдаккхарехула юкъараллан комиссин декъашхочо Хапизов Шахбана бинчу хаамца, и меттиг Нохчийчу "дехьаяьлла" Зазадоккху-беттан 16-чохь.

Дагестанан Iедалша оцу хьокъехь кхин цхьа а комментари йина яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG