Евробертан территорина тIехь 2021-чу шарахь дуьйна маьаIа хIуманаш, ша аьлча пхьегIаш а, арсаш а, маIарш а, кочалла молу чамхалгаш а яр доьхкуш низам тIеэцна Европарламенто. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Парламентан сайта тIехь.
И низам тIеэца реза хилла 560 евродепутат, 35 дуьхьал хилла, 28 кхаж ца тесна.
Яхкайелла вовшахйовла маьIа хIуманашна оьшу вуно еха хан. И бахьана долуш уьш IаьIаш ю хIордашна чохь а, пляжашкахь а, Iалам бехк а деш дийнаташ а, чIерий а, хьозарчий а дойуш.
2014-чу шарахь бинчу талламца Дуьненан хIорда чохь гулйелла ю 268 940 тонн маьIан а, телатан а нехаш.