ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Iер-дахар довза лаам бу Европера мехкашкарчу туристийн


Нохчийчоь. Гайтаман сурт.
Нохчийчоь. Гайтаман сурт.

Нохчийчу баьхкича туристашна харжа луур йолу кеп къастош таллам бина меттигерчу туризман министралло цхьамоггIа Европерчу пачхьалкхашкарчу визанаш лучу центршкахь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима, хаам бо "Грозный-информ" агенталло.

Цо дийцарехь, 47,7% респонденташа жоп делла нохчийн къоман Iер-дахар (култура, гIиллакхаш, кхолларалла иштта дIа кхин а) довза луур дара шайна аьлла. 18,1% туристаш хаьржина нохчийн кхачанах кхета Iалашо йолу туризм. Ткъа могашалла тоярца а, дегI меттахдаккхарца а йолу туризман кеп хаьржина 8,7% талламана юкъаозийначу наха.

И социалан таллам бина 7 пачхьалкхерчу 12 гIалахь. Цу 7 пачхьалкхашна юкъахь яра Австри (Вена), Германи (Лейпциг), Итали (Генуя, Милан, Палермо, Рим), Словаки (Братислава), Хорвати (Загреб), Чехи (Прага, Брно), Эстони (Таллин, Тарту). ⠀

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG