ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тайпан сий ца дойуш" полисхошна тIевахар доьху Кадыровc Джамбековга


Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина Москох, ши адам а дуьйш, некъахьовзамна юкъанисвеллачу стаге, "тайпан сий а ца дойуш", полисхошна тIегIо аьлла. Дийцарехь, адамаш кхалхарна бехке веш ву Нохчийчуьра вахархо Джамбеков Муслим. Кадыровс бинчу хаамца, цо омра делла ницкъаллин структурийн белхахошна и стаг схьалаха аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдоккху, берриг а республикерчу бахархоша санна ша а емал деш хилар, некъахьовзам хиллачу меттера къайлаваьллачу стага динарг.

Бохам хилла кху беттан 24-чохь. "Нива" а, Mercedes Gelandewagen а дуьхьдуьхьал кхетта Можайское некъа тIехь. И бахьана долуш "Нива" машенан чохь хилла зуда а, бер а дийна, цунна урхалла деш хилла стаг охьавиллина дарбанан хIусаме.

Mercedes-ан хьалха хиинарг къайлаваьлла некъобохам хиллачу меттера. Хьалхо хаам баьржинера цу машенан долахо Нохчийчьура ММА латархо Дудаев Iабдул-Рахьим ву, ткъа бохам хуьлуш цунна хьалха хиина цуьнан накъост Джамбеков Муслим хилла аьлла. И стаг талор дарна хан текхна ву, бохуш яздо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. ТIаьхьо Дудаевс дIахьедар дира, и машен ша йоьхкина 1 шо а ду аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG