Екатеринбургерчу Свердловн кIоштан кхело сацам бина меттигера криминалан гонашкахь дош лелаш хилла Арутюнян Ашот верна бехкевечу Хасаев Мовсаран гIуллакхехула дов листийта бехккъасторхошка, хаам бо «ФедералПресс" зорбанан гIирсо. Цу тайпа дехар дина суьде бехкевечо.
Хасаевн гIуллакх шен тергонехь латтош бу нохчийн диаспоран векалш. Цара кехаташ яздинера Оьрсийчоьнан президенте а, ницкъаллин структурийн куьйгалхошка а, Хасаевн алиби хилар а дуьйцуш.
Ведана кIоштарчу вахархочунна тIехIоьттина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Екатеринбургера векал Мамаков Салавди. Цул сов, Екатеринбурге бахана лелла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан лаккхара даржахой а.
Нохчочуьнан гIуллакхах информаци шайга дIакхаьчна аьлла, тIечIагIдинера хьалхо Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила.