ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джамбеков тIевеана полицина


Соьлж-ГIала.
Соьлж-ГIала.

Москох, ши адам а дуьйш, некъахьовзамна юкъанисвелла 29 шо долу Джамбеков Муслим ша каравахана полицна. Цунах лаьцна хаам бина Кадыров Рамзана.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бинера Джамбековга "тайпан сий ца дойуш", полисхошна тIегIо аьлла. Кадыровс дийцарехь, иза шена хиинчул тIаьхьа сихха полице вахана Джамбеков.

Соьлж-ГIалин юккъехь дIа а хIоьттина видеокхайкхам бина жимачу стага. Ша вуно халахетта ву хилларг бахьана долуш, боху цо, муьлхха а таIзар тIеэца ша кийча хилар а хоуьйтуш.

Бохам хиллачу меттера ша вадаран бахьана дара некъахьовзам хилча вохар а, ша чов хилла хилар а, бохуш дуьйцу Джамбековс.

Ши адам а дуьйш, бохам хиллера кху беттан 24-чохь. "Нива" а, Mercedes Gelandewagen а дуьхьдуьхьал кхетта Можайское некъа тIехь. И бахьана долуш "Нива" машенан чохь хилла зуда а, бер а дийна, цунна урхалла деш хилла стаг охьавиллина дарбанан хIусаме.

Mercedes-ан хьалха хиинарг къайлаваьллера некъобохам хиллачу меттера. Хьалхо хаам баьржинера цу машенан долахо Нохчийчьура ММА латархо Дудаев Iабдул-Рахьим ву, ткъа бохам хуьлуш цунна хьалха хиина цуьнан накъост Джамбеков Муслим хилла аьлла. И стаг талор дарна хан текхна ву, бохуш яздо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. ТIаьхьо Дудаевс дIахьедар дира, и машен ша йоьхкина I шо а ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG