ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеман дораха билеташ дазлуш ду Оьрсийчохь


Serbia -- A flight attendant of the Serbian national carrier Air Serbia holds a ribbon during a ceremony at Belgrade Airport, June 23, 2016
Serbia -- A flight attendant of the Serbian national carrier Air Serbia holds a ribbon during a ceremony at Belgrade Airport, June 23, 2016

2019-гIа шо доладелчхьана Оьрсийчохь 7,5% дазделла экономкласс олу кеман билеташ. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсант" газето.

Болчу хаамца кеманца д1асавахаран мах 2019-чу шеран шина баттахь хьалабалар кхузза сиха хуьлуш ду 2018-чу динна шарахь хиллачул а.

Цхьа бутт хьалха Biletix авиабилеташ духкучу сервисо хаам бира, Оьрсийчоьнан кеманийн чоьхьарчу рейсийн мехаш хьалабевлла 17%, ткъа махкал арахьарчу - 23% аьлла.

Уггаре чIогIа дазделла Москвара Симферополе лелачу кеманан билеташ - 78%. ХIинца билетан мах бу 7 эзар гергга сом.

Дуьненаюкъара рейсашна юкъахь 83% дазделла Москвара Барселоне вахар. ХIинца цхьана билетан мах бу 22 эзар гергга сом.

OneTwoTrip сервисо хаам бо чоьхьарчу рейсийн билеташ 33%, ткъа дуьненаюкъарчу рейсийн билеташ 18% дазделла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG