Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Исламан Турпалхо" цIе тиллина, ткъа иштта елла "Къудсан Седа" орден. И совгIаташ цунна делла Соьлж-ГIалахь "Сафия" цIе йолчу даздарш дIахьочу хIусамехь дуьненаюкъарчу исламан конференцин декъашхой тIеоьцуш хиллачу тойнехь.
Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а зорбанан сервисо. Дийцарехь, Дерригдуьненан Исламан Лиган инарлин секретаро Iабдул-Карим Аль-Iийсса Мухьаммада дIакхайкхийна цу симпозиуман делегаташа Кадыровна "Исламан Турпалхо" цIе тиллар хьокъехь бина сацам.
Цул сов Палестинин президенто Iаббас Махьмуда бинчу сацамца, Кадыровна елла цу механ лаккхарчу совгIатех цхьаъ йолу "Къудсан Седа" орден. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна иза Соьлж-ГIалахь дIаелира Палестинин президентан хьехамчо Хаббаш Махьмуда.