ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара Москох дIакхачийна Джамбеков


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьра Москох дIакхачийна Можайское шоссена тIехь, ши адам а дуьйш, некъахьовзамехь дакъалаьцна жима стаг.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн официалан векло Волк Иринас бинчу хаамца, гергарчу хенахь Джамбеков Муслим дIалур ву Талламан комитете. Цуьнан белхахой толлуш ду некъабохам хиларца долийна бехктакхаман гIуллакх.

Джамбеков Соьлж-ГIаларчу полице веара пIераскана дийнахь, Кадыров Рамзана шега кхайкхам бинчул тIаьхьа.

Ши адам а дуьйш, бохам хиллера кху беттан 24-чохь. "Нива" а, Mercedes Gelandewagen а дуьхь-дуьхьал а кхетта Можайское некъа тIехь. И бахьана долуш "Нива" машенна чохь хилла зуда а, бер а дийна, цунна урхалла деш хилла стаг охьавиллина дарбанан хIусаме.

Mercedes-ан хьалха хиинарг къайлаваьллера некъабохам хиллачу меттера. Хьалхо хаам баьржинера цу машенан долахо Нохчийчьура ММА латархо Дудаев Iабдул-Рахьим ву, ткъа бохам хуьлуш цунна хьалха хиина цуьнан накъост Джамбеков Муслим хилла аьлла. И стаг талор дарна хан текхна ву, бохуш яздо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. ТIаьхьо Дудаевс дIахьедар дира, и машен ша йоьхкина 1 шо а ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG