Кху тIаьхьарчу беттанашкахь кеман билеташ даздалар толлур ду Оьрсийчоьнан Iедалан векалша. Цуьнан жамIашка хьажжина гIулчаш йохур ю мехаш тIекхатар сацор Iалашонца. И болх шайн куьйгакIел оьцур бу вице-премьераша Козак Дмитрийс а, Акимов Максима а, яздо Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша.
Чиллан-бутт чекхболуш гучудаьлла кху тIаьхьарчу 3 баттахь кеман билеташ дазделла хилар 5-33 процентана. Цунах лаьцна яздира "Коммерсанто".
Цул тIаьхьа федералан монополина дуьхьал сервисо сацам бина и гIуллакх талла.
Цхьа бутт хьалха Biletix авиабилеташ духкучу сервисо хаам бира, Оьрсийчоьнан кеманийн чоьхьарчу рейсийн мехаш хьалабевлла 17%, ткъа махкал арахьарчу - 23% аьлла.
Уггаре чIогIа дазделла Москвара Симферополе лелачу кеманан билеташ - 78%. ХIинца билетан мах бу 7 эзар гергга сом.
Дуьненаюкъара рейсашна юкъахь 83% дазделла Москвара Барселоне вахар. ХIинца цхьана билетан мах бу 22 эзар гергга сом.
OneTwoTrip сервисо хаам бо чоьхьарчу рейсийн билеташ 33%, ткъа дуьненаюкъарчу рейсийн билеташ 18% дазделла хилар.