ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу президентан харжамашна терго йийр ю 1500 сов кхечу пачхьалкхийн векало


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

1500 сов кхечу пачхьалкхашкара тергамхо веана Украине, президентан харжамашна тIехьожуш дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина шотдийнахь цу мехкан пачхьалкхан дозанан сервисан зорбан секретаро Слободян Олега.

Хьалхо Украинин коьртачу комиссин зорбан сервисо хаам бинера, верриг а шаьш регистраци йинарг 19 дуьненаюкъарчу вовшатохараллан а, 17 пачхьалкхан а цIарх веана 2344 тергамхо ву аьлла.

"ДIадаханчу дийнахь-бусий Украине веана кхин 76 тергамхо, хIинца Украинехь ву 1500 эзар официалан тергамхо, 40 пачхьалкхара", - даладо Слободяна аьлларг УНН агенталло.

Украинин президентан харжамаш хир бу тIедогIучу кIиранан дийнахь, Зазадоккху-беттан 31-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG