ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамаш буьйлабелла Украинехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Украинехь болабелла президентан харжамийн хьалхара мур. Кхаж тосу меттигаш схьайиллина Iуьйранна 8 сахьт даьлча. Цара болх бийр бу суьйранна 20 сахьт даллалц.

Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш ву 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана.

Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь ду 35,5 млн стаг. Церан кхаж таса аьтто хир бу 33,6 эзар меттехь. Царах 101 ю махкал арахаьа кхечу пачхьалкхашкарчу векалаллашкахь а, консульствошкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG