ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина баттана талламан изоляторе хьажийна Джамбеков


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бинчу хаамца, Можайское шоссехь, ши адам а дуьйш, хиллачу некъаовзаман декъашхо Джамбеков Муслим лаьцна Iедалша. Кхело сацам бина иза талламан изоляторе хьажо Стагалкъекъа-беттан (Май) 25-чу дийне кхаччалц.

34 шо долчу цу стагана бехке дуьллуш ду, ларамаза 2 я кхин а алсам адама а дьуйш, некъан низамаш дохор.

Джамбеков Соьлж-ГIаларчу полице веара пIераскана дийнахь, Кадыров Рамзана шега кхайкхам бинчул тIаьхьа.

Зуда а, 14 шо долчу кхиазхо йо1 а юьйш, бохам хилира кху беттан 24-чохь. "Нива" а, Mercedes Gelandewagen а дуьхь-дуьхьал кхеттера Можайское некъа тIехь. И бахьана долуш "Нива" машенна чохь хилла зуда а, бер а дийна, цунна урхалла деш хилла стаг охьавиллина дарбанан хIусаме.

Mercedes-ан хьалха хиинарг къайлаваьллера некъабохам хиллачу меттера. Хьалхо хаам баьржинера цу машенан долахо Нохчийчьура ММА латархо Дудаев Iабдул-Рахьим ву, ткъа бохам хуьлуш цунна хьалха хиина цуьнан накъост Джамбеков Муслим хилла аьлла. И стаг талор дарна хан текхна ву, бохуш яздо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. ТIаьхьо Дудаевс дIахьедар дира, и машен ша йоьхкина 1 шо а ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG