ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словакин президент хаьржина оппозицин жигархо Чапутова Зузана


Чапутова Зузана.
Чапутова Зузана.

Словакин президент хаьржина Чапутова Зузана – юрист а, оппозицин жигархо а. Кхаарин дийнахь хиллачу президентан харжамийн шолгIачу муьрехь цо гулдина 58 процент сов кхаьжнаш.

Цуьнца Словакин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара Iедалехь йолчу "Смер" партино гIортор еш волу Еврокомиссин куьйгалхочуьнан когаметта Шефчович Марош. Шефчович хIинцале а толам баккхарца декъалйина шен дуьхьалонча.

Чапутовехьара шен кхаж дIабелла 1 миллион сов харжамхочо. Иза дуьххьарлера зуда ю Словакин президентан даржехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG