ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен платформашкахь хьагI-гамо яржайойтур яц Facebook-о


Facebook-ан операцийн декъан директоро Сэндберг Шэрила леррина дIахьедар дина, Facebook Live платформехь хуьлург оццу хенахь гойту стримашца йоьзна кепаш хийца Iалашо ю шайн аьлла. Иза доьзна ду Керлачу Зеландехь Крайстчерчехь маьждигашкахь теракт еш хиллачуьнца.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, Сэндберга аьлла шаьш технологеш тоян а дагахь ду аьлла, кхераме контент сихха гучуяккхархьама. Цул сов, Facebook-ан векалш гIулчаш яха дагахь ду шен платформашкахь хьагI-гамо лелорца. Цара, лаха а лохуш, совцор ю цу тайпа трансляцеш, доьхкур ду царна репосташ яр.

Хьалхо АР (Associated Press) агенталло хаам бира, Крайстчерчера трансляци автоматан рожехь юкъах ца яьккхинера вон контент къасторан системо, цуьнан чулацам нийса къасторехь гIорасиз хиларна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG