ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жигархой Талламан комитете кхайкхина митинган хьокъехь


Талламан комитете тIекхойкхуш кехаташ даьхкина ГIалгIайчоьнан виъ жигархочуьнга аьлла, хаамбина шоьтадийнахь "Выборы Ингушетии" юкъараллан организацин куьйгалхочо Нальгиев Исмаила. Мехкан куьйгалхочуьнга дарж охьадиллар доьхуш, Iедалшкара пурба а доцуш митинг хIоттийнера Магасан майданахь меттигерчу бахархоша аьлла, хааме даьккхира "Маршо Радионо". Протестхойн тасадаларш хилира полисхошца дахначу кхааридийнан Iуьйранна. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека республикан Кхерамзаллан Кхеташонан секретарца хиллачу цхьанакхетарехь дIахьедира, акцин инициаторша иркарахIиттийнера кегийрхой низам хьаша, цул тIаьхьа жоьпаллера бевллера шаьш аьлла.

Оршотдийнахь Талламан комитете тIекхойкхуш жигархошка дахкийтинчу кехатийн скринаш "Кавказский узел" агенталло шен агIонехь зорбанеяьхна.

"Протестхойн акци дIайохорца доьзна, теш санна, тIекхайкхина со. Жигархошна а, митингхошна а тIеIаткъамбан гIерта уьш аьлла хета суна", - дийцина Нальгиевс.

Цо бахарехь Iедало тIекхайкхина бу ишта жигархой Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG