ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а латтанаш минех цIандан долийна


Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 1000 сов гектар латтанаш минех дIацIандан буьйлабелла сапераш аьлла, хаамбина Къилберчу тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша. Грозненск, Хьалха-Мартанан, ТIехьа-Мартанан, Шуьйтан кIошташкара латтанаш тахана дуьйнна минех цIандан буьйлабелла Нохчийчуьра тIемалой. ТIеоьзна 100 сов сапер, 20 гергга тIеман техника, талламаш бен жIаьлеш, дийцина ТАСС агенталле Къилберчу тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша.

Бутт байча буьйлалур бу ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштара латтанаш талла. Шина а республикехь цхьа эзар сов гектар территори мукъайоккхур ю сапераша лоьлхуьйтурех. Гуьйрене дIабахлур бу болийна белхаш.

ТIаьххьарчу 7 шерачохь Нохчийчуьра 17 эзар гектар лаьттах хьоьвсина сапераш, 32 эзар сов лелха кхераме хIуманаш хьала а йохуш, аьлла, дийцина агенталле комендатуран белхахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG