ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелахойн сацамна латкъамбан дагахь вац Титиев


Баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелийна аьлла, бехк тIечIагIбинчу Шела кIоштан кхелан сацамна латкъамбан Iалашо яц Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан. Гергарчу заманчохь тоьхначу хенал а хьалха (УДО) бакъонашларъярхо аравоккхуш, кехаташ кечдан лаам бу цуьнан адвокатийн.

Байначу беттан 18-чохь набахтехь даккха 4 шо хан кхайкхийра, стохка Iай дуьйнна лаьцна латтийначу Титиевна.

Стигалкъекъа-беттан 9-чохь бакъо хир ю Титиевн УДО еха. Бакъонашларъярхочо Титиев Аюба а, цуьнан белхан накъосташа а, гергарчара а политикан бух тIехь дуьхьалдаьккхина гIуллакх ду аьлла лору цунна дуьхьал айдинарг. Наркотикаш полисхоша шена кхийсина ю аьлла, дIахьедира Титиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG