ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чоьхьарчу гIуллакхийн министр хийцина ГIалгIайчохь, ДПС-н батальон а дIасахецна


ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалллехь лаьттинчу Кава Дмитрийн метта декхарш ханна кхочушдан векал вина Муравьев Юрий. Regnum агенталло бина и хаам.

Цул совнах, дIайохийна административан дозанехула хилла къаьстина патрулан батальон (ДПС) а. ГIалгIайчоьнан дозанашкарчу кIошташкахь къепе латторхьама 2011-чу шарахь вовшахтоьхна яра и батальон.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло билгалдаккхарца, "ницкъаллийн структураша жигараллица гIаттамхошна дуьхьало латтина хиларца, регионан территори тIехь къепе дIахIоьттина", цундела оьшуш дац кхи дIа дозанашкахь ха латто аьлла.

ДПС-н батальонан белхахой чоьхьарчу гIуллакхийн кхечу дакъошка дехьабаьхна, ткъа 17 ницкъахо болх боцуш висина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG