Дуьххьара итт шо хьалха волавелира фотограф а, художник а волу Гуьмсера Шамилов Сахьаб анимаци караерзо. ХIетахь тоъал хаарш а, ахча а ца тоьира корматалла йолчу Сахьабна, кхачам боллуш болх бан. "Дадин Берзалой" мультфильм кхолла шераш ийшира цунна. "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте жимчу стага дийцира, ша дуьххьара нохчийн маттахь арахецначу мультфильмех.
- Сахьаб, дуьххьара стенна тIера доладелла хIара дерриг а? Мультфильмаш яха хIунда волавелла хьо?
- Нохчийн матте гочйина мультфильме со жима волуш хьаьжча, цхьа сингаттаме ойла хьоьвзира сан коьрте. ХIетахь суна и вайн мультфильм ю моьттинера. ТIаьхьа кхийтира со, кхечу маттера вайн матте ерзийна, цхьа тIеххулара бина болх и хиллийла.
Цхьанна а вас ян а ца лаьа суна. Хьажахьа, оьрсаша шайн берашна хаза, кхачаме мультфильмаш йоху, ткъа вайн хIуммаъ ян а яц аьлла, ойланашка велира со. Оцу ойлано иркарахIоттийра-кх со. Анимацин роликаш кхолларан технологин процесс муха ю-те бохуш, кхечу пачхьалкхаша а, оьрсаша а йохучу мультфильмашка хьоьжура со. Цаьрга а хьоьжуш, Iемира со сурташ дахка: цкъа кехат тIехь, тIаккха компьютер тIехь а.
Итт шо хьалха дуьххьара сайга хIун дало хьаьжира со. Бакъду, хIетахь хаарш ледара дара сан, зеделларг а дацара. Амма сурташ даха боккха лаам хиларо, Iамийра суна дуккха а оьшург. Сайн ледарчу ингалсан маттаца, цара мультфильмаш муха йоху гойтучу роликашка хьоьжура со, хIунда аьлча, оьрсийн сегментехь кIезиг хуьлура уьш.
2014-чу шеран чакхенехь "Адам" цIе йолчу мультфильм тIехь болх бина велира со. "ТIаьххьарлера обарг" олу мультфильм дакъошкахь ю сан. Вайн къоман турпалхой бовзуьйту ас берашна цу мультфильмехь.
2015-чу шеран Охан-баттахь арахийцира ас, гоьяьллачу нохчийн яздархочун Петирова ПетIаматан дийцар тIехь яьккхина "Сан куьг дакъалур даций" цIе йолу мультфильм. Иштта цхьацца гIулч а йоккхуш, говзалла караерзо волавелира со. Делахь а, хьажархо а ву со, сайн балхах воккхавуьйш велахь а. Мультфильмаш кхуллучу заманчохь, сайн лаамаш кхочушбо ас.
- ГIоьнчаш бан а буй хьан? Ахчанца накъосталла хьан до хьуна?
- Йоллу техникан агIо – суьрташ дахкар, монтаж яр, музыка тIейиллар, аьзнаш хазор - и дерриге а аса айса до. Амма доккха гIо хуьлу суна - сан йишин, вешин берашкара а, лулахойн берашкара а. Сан коьрта турплахоша церан аьзнашца къамелаш ма до. Спонсорш бац сан. Делахь а, сайн YouTube-каналехь билгалъяьккхина ас банкан картан номер, нагахь гIо лаца лаам болуш цхьаъ велахь а, аьлла.
- "Дадин Берзалой" мультфильм стенах лаьцна ю хьан?
- Дикаллех. Къамелаш кIезиг а деш, шаьш дечу гIуллакхашца дикаллин амалш гойту сан турпалхоша. Вайн исторех дийцина ца Iаш, цаьргахула ас йовзуьйту вайн синбахамалла, вайн ламасташ, гIиллакхаш. Воккхачуьнга ларам хила безар, лулахошца мерза хила везар а гойту. Сан турпалхой шаьш а галбовлу дахарехь, амма нисбала некъаш карадо царна.
Диалогех бераш дика кхеташ хилийтархьама, цаьрга шайга гIо доьху ас. Масала, кехат тIехь гайтал суна шайн гонахара дуьне олу ас - цIенош, машенаш, дитташ. Церан суьрташ мультфильмашка доху ас. Шайна гучух тешаш хила деза бераш.
- Мичара юьйлу хьуна идейш?
- Гондахьа ма ю уьш. Хьуна эшначу хенахь, коьрте оьху-кх уьш, Делан къинхетамца. Ас сайна тIе дукха ца лоцу, сайн ницкъ тоъал дерг бен. Еккъа энтузиазм тIехь болх беш ма ву со.
- Къаьсттина хIун халонаш Iиттало хьох, ахь болх бечу заманчохь?
- Проблемаш хIуьтту маттаца доьзна, хIунда аьлча, нохчийн маттахь дукха ма ю диалекташ. Цундела цхьа нейтрале варианташ тIехь саца дезаш хуьлу. Проблемаш ишта-м дуккха а ю. Амма сайн къоман културан, меттан, дахаран цхьа дакъа хила лааам боккха бу сан.
Дуккха а хеттарш до соьга наха, амма уггар а суна осал хетарг ду: "Хьо бер-м дац, стенна леладо ахь и хIуманаш?" Сан жоп ишта ду оцу хаттарна: "Берийн дуьхьа къахьега безаш ма бу баккхийнаш!"
- Хьовсархоша муха тIеоьцу хьо?
- РогIерчу мультфильме шаьш хьоьвсинчул тIаьхьа, оцу бераша дайшкахула, наношкахула шайна хетарг схьахазадо суна. Бераша массо а хIуман терго ма йо. Масала, мультфильман цхьана декъехь коьртачу турпалхочун йишас тIергIа пазаташ йинера шен вешина, иза шел ца валийта. Ткъа шолгIачу декъехь оцу вашас шен хIусамехь чоь ца елира йишина. ТIаккха бераша хоьтту соьга, "цо тоххара тIергIа пазаташ ма йира цунна, вашас йиша хIинца чу хIунда ца йитира" бохуш. Сагатдо цара шайн турпалхошна.
- Нохчийн кхиболчу аниматоршца юкъаметтигаш лелайой ахь?
- Халахеташ делахь а, суна-м ца хаьа, уьш буй а. Суна хезна дац царех, бакъдерг дийцича. Амма вайн къомах уьш кеста гучубевр бу аьлла хеташ-м ву со. Цхьа наггахь анимацица интерес ерш дагабуьйлу соьца. И дика ма ду. Сайн хааршца доккхачу хазахетарца дакъадо ас цаьрца. Анимацига интерес хан мел йолу кхуьур ю аьлла, тешна ву со. Нахана пайден а, оьшург а леха ма деза вай. Тхо дукха мел хуьлу а, дика ма ду.
Со кхоьрург хIун ду, цхьа цхьа кеп ма ю лелош, хьовсархошна иза сиха кIордорна кхоьру со. Цундела муьлххачу а сферехь конкуренци оьшу, керла идейш оьшу.
- ТIейогIучу ханна хIун Iалашонаш ю хьан?
- "Дадин Берзалой" мультфильм тIехь кхи дIа болх дIахьур бу ас. Кеста рогIера сери араер ю цуьнан. Керлачу проектийн масех идейш ю сан коьртехь, дагахь долчух дуьйцуш ма ца хуьлу. "Дади Берзалой" мультфильмца цхьана арахеца кечъеш кхи цхьа мультфильм а ю сан. 5-гIа шо ду ас цу тIехь къахоьгу.
Кхи а маса болх бан йиш а хир яра, делахь а, сайн таронашка хьаьжжина дIагIерта со. Палс мел бу бен ког хоьцийла дац, хIетте а, сайн ма -хуьллу дIагIертар-м ву со.