Террорхойн могIарш дузуш хилла аьлла, дIалаьцначу блогере Мирзеханов Алибеке Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша бехк кховдийна. ТАСС агенталло бина и хаам, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш.
Террорхойн организаци юкъахь лаьттина, цуьнан гонаш дузуш хилла цо аьлла, бехкала воьллина Мирзеханов. Блогеро бехк тIе ца лоцу.
- Талламчийн версица, 2014-чу шарахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацех дIакхета бохуш, кхайкхамаш бен видео гайтина хилла блогеро шен шина накъостана. Мирзехановна дуьхьал тоьшаллаш дина, 2019-чу шарахь террорхойн агIончаш хилла аьлла, бехкевинчу цу шиммо.
- "Неолит" кафена уллохь леттачу нахаца цхьана хилла аьлла, вигинера иза лоцучу хенахь. Цул тIаьхьа бехказаваьккхира иза.
- Блогеран гергарчара чIагIдора, Алибек кафена гергахь хиллачу летаршлахь дакъалаьцна вац бохуш. ЦIийнах хьовсаран бахьана - бух боцуш лерира цара. 2012-2013-чу а шерашкахь Мирзеханов Дагестанехь лачкъийна хиларца доьзна ду элира цара, шайн кIантана тIаьхьабевлла лелар.
- Инстаграмехь гоьяьлла блог лелош вара Мирзеханов. Цунна бухаязвеллера 120 эзар сов стаг.