Дахначу еаридийнахь Лондонехь, Риджентс-паркна гергахь урс диттина вийна 24 шо долу нохчийн кIант Висаитов Закир. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах хаам.
Daily Mail газетано яздарехь, музыкант, Нохчийчуьра бер долчу хенахь дас-нанас дIавигина Висаитов вийна, цуьнгара 60 эзар стерлингийн фунташ мах болу сахьт схьадаккхархьама. Йолчу информацица, шиъ хилла тIелатар динарг. Зулам динчул тIаьхьа, луларчу маьждиг чохь тIера бедарш а хийцина, къайлавала ка яьлла цу шиннан.
Цхьана а кепара информаци яц нохчийн диаспорера, хIунда аьлча, ВиситаевгIеран доьзалан уьйраш ца хилла шайн махкахошца.