ГIадужу-баттахь вийначу журналистан Хашогги Джамалан доьзална СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша беза мах болу ара-чу ца баккхалун бахам белла, хIора баттахь ахчан барамехь компенсаци далар тIе а лаьцна.
Washington Post газетано бина и хаам, саIудийн Iедалехь хиллачийн а, болчийн а хьосташна тIе а тевжина. Иштта тIечIагIйина и информаци Хашоггин доьзална уллорчу наха а.
Ишта газетан информацица, шайн вийначу дех дечу дIахьедаршца собаре хилар деха а гIерта Iедалхой. Компенсаци доьзална даларна тIетайна хьалхо "йоккха харцо ю йинарг", "хIоьттина хьал хийца деза" аьлла, дIакхайкхийна саIудийн паччахь Салман а.
The Washington Post газетан колумнист Хашогги Джамал вийра Стамбулерчу саIудийн консулаллехь ГIадужу-баттахь. ТIаьххьарчу шерашкахь Эр-Риядан политика шогачу критике йоккхура цо. Туркойн а, Iамеркан а къайлахчу сервисашна хетарехь, Хашогги верна бехкехила тарло СаIуда Iаьрбийчоьнан урхалла, доккхачу декъанна, эла Мухьаммад бин Салман. Эр-Риядо бехкаш тIе ца лоцу.
Вийначу журналистан дегIан чалх хIинца а каронза ю.