ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лахделла Iамерко тIеэцначу мухIажирийн терахь


Iамерка -- Президенто Трамп Доналда бусалба пачхьалкхашкара мухIажираш хьокъехь бинчу сацамна дуьхьал акци, Чикаго. Дечк. 28. 2017.
Iамерка -- Президенто Трамп Доналда бусалба пачхьалкхашкара мухIажираш хьокъехь бинчу сацамна дуьхьал акци, Чикаго. Дечк. 28. 2017.

ТIаьхьарчу 6 баттахь Iамерко тIеэцначу мухIажирех 15% бу бусалбанаш.

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто бинчу хаамца, 2018-чу шеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна кху шеран Зазадоккху-беттан 31-чу дийне кхаччалц лаьрча, цу махка кхаьчна 12 151 мухIажир, яздо "Iамеркан аз" портало. Уьш бу коьртачу декъана кхаа пачхьалкхан махкахой: Конгера – 48 процент, Бирмера – 17 процент, Украинера -- 13 процент.

Стохка гурахь Iамеркан президенто Трамп Доналда мухIажираш тIеэца барам хIоттийра 2019-чу шаранна 30 000 стаг. Иза уггар лахара терахь ду 1980-чу шарахь Конгрессо мухIажирех лаьцна низам тIеэцначхьана президенто хIоттийнарг.

Карарчу хенахь Iамерке хIора дийнахь мухIажиран тховкIело йоьху 2000 сов стага. "Iамеркан аз" портало бинчу талламо гойту Цхьаьнатоьхначу Штаташа мелла а алсамо тIеоьцуш хилар керста дин лелон мухIажираш (81%). Лакхохьа хьахийначу 6 баттахь тIеэцначу мухIажирехь 15% гергга бара бусалбанаш.

Пачхьалкхан департаменто и терахьаш карладоху хIора денна. Царна юкъахь бу (стен-боьршалла а, дин лелор а дуьйцу) демографица боьзна хаамаш. Цара гойтуш ду цу шина динан векалех долчу терахьашна юкъахь йолу башхалла алсамйолуш хилар.

2018-чу шарахь Мангалан баттахь "Iамеркан аз" портало далийначу терахьаша гайтарехь, цу хенахь а бара уггар дукха мухIажираш Конгера а, Бирмера а, Украинера а. 68% гергга мухIажираш бара керстанаш.

Iамерке гIертачу мухIажирийн иза дан массера а аьтто ца хилар. Ткъа цо вон Iаткъам бо махка баьхкинчу керлачу мухIажирашна накъосталла дечу вовшахтохараллийн балхана.

ДIадаханчу мукъачу деношкахь мухIажирш тIеоьцучу уггар коьртачех цхьаъ йолчу World Relief агенталло дIахьедар дира, ОхIайо штатерчу Акрон гIалахь шайн офис дIакъевлина шаьш аьлла.

Цуьнан бахьана ду Iамеркан Iедало махка богIучу мухIажирийн терахь лахдар а, мухIажирашна гIо дечу агенталлашца юкъаметтигаш лелор лахдан дагахь хилар гайтар а, боху World Relief агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG