ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризман артиклашца 500 стагна таIзар дина Оьрсийчохь


Терроризман кхайкхамаш барна а, террорхойн организацешкахь Iаморашкахь хиларна а, зуламан тобанашлахь дакъалацарна а, закъалтхой лецарна а Оьрсийчохь тIаьххьарчу эхашерачохь бехкевина 551 вахархо, яздо "Новости" агенталло, Лакхарчу кхелерчу Суьдхойн департаментан статистикех пайда а эцна.

Департаментан зерашца, 2017-чу шарахь а, 2018-чу шеран хьалхарчу декъехь а "теракт" аьллачу артиклца кхел йина 39 стагна. Террорхой къастийначу набахтехь кхобучу омрана куьйгъяздира дахначу шарахь президенто Путин Владимира.

Шаьш камераш чохь латтор бу теракташ динарш а, террорхойн агIончаш хилларш а, терроризмна пропаганда йийраш а, закъалтхой лецарна чохь бахкораш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG