Оьрсийчоьнан ийначу кепехь (ММА) латархочунна Магомедов Русланна гуттаренна а дисквалификаци йина Iамеркан антидопинган агенталлан низамаш хьешарна, хаамбина ТАСС агенталле спортхочун командан векалша. Кхаа допинг-тестех чекх ца ваьлла латархо.
ТIаьххьара 2015-чу шарахь латархойн чемпионатехь дакъалаьцна ву Магомедов. Шен спортан карьерехь хиллачу кхаа чемпионатехь толамаш бехира цо.