ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухахь эккхийтар шаьш дина дац боху лецначара


2017-чу шарахь Санкт-Петербургерчу метро чохь эккхийтар дина аьлла, бехкевинчу цхьайттанах иттамо бехк тIе ца лоцу. ТАСС агенталло бина и хаам, 11-гIа бехкала воьллинчун цIе а, цуьнан позици а ца юьйцуш. Кхеле хIоттийначарлахь ву теракт дина ву аьлла, шеконашца латтош волу Азимов Аброр а, зуламна юкъахь хилла лору кхи а 10 стаг а. Уьш бехкебо терроризмна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Оьрсийчохь йихкинчу "Катиба Таухид валь-Джихад" террорхойн организаци юкъахь хилар а ду царна ишта стохка аьхка дуьхьал даьккхина.

2017-чу шеран Охан-беттан 3-чохь Петарбухарчу метро чохь Iожалхочо эккхийтар дира, 16 стаг вуьйш, 100 гергга лаза а веш. Талламчашна хетарехь, эккхийтар динарг ву ГIиргIазойчуьра 22 шо долу Джалилов Акбаржон. Оцу зуламна бехке бу аьлла, кхеле озийна верриг а 11 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG