ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь некъан полисхочунна тIе машен тоьхна гIалгIа дIалаьцна


Полисхочунна тIе машен а тухуш, некъан хьовзам бина ГIалгIайчуьра 25 шо долу Гугаев Хьусейн шина баттана чохь вуьтуш, сацамбина Москварчу кхело. Талламчийн версица, байначу беттан 31-чу дийнахь Skoda Rapid автомобил тIехь вогIучу цо шен белхан декхарш кхочушдечу некъан полисхочунна тIе машен тоьхнера. Кеп-кепарчу чолхечу чевнашца дарбан цIийне кхачийна лазийнарг. 25 шо долу гIалгIа жоьпалле озийна, корта бахон малар а мелла, машенна урхалла дечу заманчохь стаг лазорна.

Шена гуш вацрара некъан инспектор аьлла, дIахьедина бехкевечо, ткъа медицинан экспертизано гайтина, иза мелла хилар, яздо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сайтехь.

Зуламан Кодексан артиклца а догIуш, набахтехь яккха деа шаре кхаччалц хан кхачайо Гугаевна. "Интерфакс" агенталло яздарца, Москварчу Пресненскан кIошатн кхело кхааридийнахь сацам тIеэцна, ГIалгIайчоьнан вахархо Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG