Кхаарин сатосучу заманчохь ГIалгIайчохь протесташкахь хиллачу жигархойн цIийнах хьовса баьхкина хилла полисхой. Журналисто Евлоева Изабеллас дийцарехь, талламаш бина гIалгIайн къоман цхьааллин конгрессан декъашхойн Погоров Ахьмадан а, Чемурзиев Барахан а, Мальсагов Мусан а, Хаутиев Багаудин а, Саутиева Зарифан а хIусамашкахь.
"Ишта жигархочун Бузуртанов Ахьмадан хIусаме а баьхкинера уьш, амма иза цIахь ца хилла цу заманчохь. Протестийн лидеран Барахоев Ахьмадан телефон дIаяйина ю, ткъа гIалгIайн къоман тейпийн юкъараллан куьйгалхочо Ужахов Малсага жоп ца ло", - дийцина Евлоевас "Кавказ.Реалии" портале.
Жигархочун Матиева Анжелин информацица, Погоров а, Чемурзиев а ницкъахоша дIавигина, вукхеран кхолламах хууш дац.
ГIалгIайн протестан лидеро, бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада кегийрхошка кхайкхамбина, провокацех Iеха а ма ло, лаьттачу хьолана дуьхьал акцеш ма хIиттае аьлла.