ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу набахтийн бюджет уггар а лакхара ю, амма кIезиг ахча хьажадо тутмакхашна


Москвара Бутырка олу набахте
Москвара Бутырка олу набахте

Оьрсийчуьрчу набахтешкара хьал таллархьама, Евробертан дехарца Лозаннан университетан эксперташа хIоттийна рапорт Iорадаьккхина кху деношкахь. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчохь уггар алсам ахча дойу набахтешна, амма кIезиг кхачадо тутмакхийн хьашташна. Динчу зерашца, Оьрсийчоьнан набахтешкахь 2017-чу шарахь 100 000 эзар бахархошлахь 418,3 тутмакх хилла. Ткъа луларчу Гуьржийчохь 252, Азербайджанехь – 235. Верриг а 2018-чу шарахь набахтешкахь валлош ву 602 176 тутмакх.

Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, Iаламат лакхара ду и терахь. Оьрсийчоьнна тIаьхьа йогIу Великобритани (84 373), Польша (73 822), Франци (69 596 тутмакх).

КIезиг бу тутмакхаш жимачу мехкашкахь: Сан-Маринохь 100 000 эзар бахархошлахь 18 тутмакх ву. Лихтенштейнехь 31, 5, Исландехь 47.

12 пачхьалкхан Iедалхоша хаамбарца, церан мехкашкахь набахтеш тIехюьзна ю. Масала, Къилба Македонерчу набахтехь 100 тутмакхна кхачочу меттигехь - 122 ву. Румынехь - 120, 5, Францехь – 116,3.

Оьрсийчоьно информаци ца кхачийна, шайн пачхьалкхехь набахтеш тIехюьзна хиларх.

Ишта экспертийн зерашца, юккъерчу барамехь аьлча, дийнахь цхьана тутмакхна дойу Европехь 66, 5 евро ахча. Швецехь 380 евро хьажадо, Нидерландашкахь 244 евро.

Оьрсийчохь – 2, 5 евро кхочу тутмакхна дийнахь.

Азербайджанехь – 6 евро, Молдавехь – 9,4 евро, Гуьржийчохь – 11,7 евро.

Эксперташа Iорадаккхарца, Оьрсийчуьрчу набахтийн Iедалхойн карахь ю йоллу Европехьчул а алсам бюджет – 3, 9 миллиард.

ШолгIачу меттехь дIатаръелла Германи – 3, 1 миллиард. КхоалгIачу меттигехь ю Итали а, Франци а – 2, 7 миллиард евро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG