ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш Флоридерчу Трампан клубе кхаьчна зуда лаьцна


Бакъо йоцуш Iамеркан президентан Трамп Доналдан доларчу Флоридерчу Mar-a-Lago клубан территори тIехь зуда лаьцна дахначу шоьтадийнахь. Тайванехь делла ши паспорт а, электронан масех гIирс: смартфонаш а, компьютеран вирусаш тIехь йолу флэш-карта а хилла цуьнгахь шеца. Федералан кхеле прокуратурано еллачу информацица, ледара буьйцучу ингалсан маттаца ха дечу территори тIе кхаьчна иза юьхьанца, клубан бассейн оьшура шена аьлла. Цул тIаьхьа, отелан администраторе ООН-о хIотточу китайн-Iамеркахойн цхьанакхетаре еана ю ша аьлла хилла цо.

Къайлахчу сервисан белхахо тIекхайкхина хилла администраторо, ткъа цуьнга Трампан доьзалца цхьанакхета Iалашо ю шен аьлла зудчо, Iамеркан-Китайн экономикан юкъаметтигех дийцарш дIадахьа.

Зудчун карарчу тIоьрмиг чохь карийна компьютер-ноутбук а, диск, 4 смартфон а, вирусаш тIехь йолу флэш-карта а.

Iамеркан комментаторш тешна бу, клубан территори тIехь интернете волучу WIFI-н система йохо дагахь хилла хир ю иза аьлла.

Хьенан цIарца лелаш хилла иза, шен бакъ йолу цIе юй-те паспорт тIехь билгалъяьккхинарг, юй-те иза Тайванан яхархо, цкъачунна къаьстина дац. Флоридера "Белый дом" олучу курортан дозан тIехь хадархой дIахIиттон эшарх дуьйцуш ду карарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG