Наноша Иракъе а, Шема а дIадигина хиллачу берийн рогIера тоба Оьрсийчу кхачор ю 1,5 бутт хан яьлча аьлла, хааме даьккхина Оьрсийчуьрчу берийн бакъонашларъян векал йинчу Кузнецов Аннас. "Карарчу хенахь кхелаш ю дIайоьлхуш, и бераш дуьненчу девлла хан билгалйоккхуш, тIаккха бутт хан оьшур ю кхелан сацам ницкъе хила. Цул тIаьхьа цхьа кIира, ши кIира даьллачул тIаьхьа бакъо хир ю бераш цIадало", - аьлла "Интерфакс" агенталле шинаридийнахь берийн омбудсмено.
Цо бахарехь, Иракъан Iедалшца барт хилла баьлла, шайн ма-хуьллу гIо латтош ду цара Оьрсийчоьнан бераш даймахка дерзорехь.
Хьалхо Оьрсийчу кхачийра шина тобанашкахь Иракъера 57 бер. Кузнецовас дIахьедира хIетахь, кхин а 50 бер кеста цIадерзо там бу аьлла.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!