ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасера митинг дIа ца йохийна Росгвардин белхахой жоьпе озийна


\
\

Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал бевллачийн Магасера митинг дIайохо дуьхьал хилла Росгвардин белхахой ГIалгIайчохь кхеле озийна. "МБХ медиа" хьосте биина и хаам юристо, республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хиллачу пресс-секретаро Ахильгов Калойс.

Байначу беттан 29-чохь гIараделира, акци дIайохо дуьхьалбевллачу полисхойн батальон дIаcаяьккхина аьлла. Ахильговс бахарехь, ГIалгIайчоьнан административан дозанехула лаьттинчу батальонан 19 ницкъахо дIаваьккхира.

Дахначу оршотдийнахь хаам хилира, ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро, инарла-лейтенанто Кава Дмитрийс шегара дарж охьадиллина аьлла. "Интерфаксан" хьостано дийцинера, Магасера хиламашца доьзна ду министр балхара дIавалар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG