ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МакГрегора аьшнашйина Нурмагомедовн хIусамнана


conor khabib
conor khabib

Ирландин ийначу кепехь латархочо (ММА) Макгрегор Конора юха а аьшнашвина Дагестанан латархо Нурмагомедов Хьабиб. ТIаьхьо Твиттерера шен пост дIаяьккхина хилла Макгрегора, делахь а тергамза ца дитина цуьнан йоза Junkie MMA-с а, "Лента.ру" хьостано а.

"Чувак, хьан хIусамнана – гата ду", - яздина 30 шо долчу ирландхочо, Нурмагомедовн юьхь къевлинчу шен зудчуьнца даьккхина сурт а хIоттош.

Дахначу шинаридийнахь Нурмагомедов Хьабиба дIахьедира, шен оппонент спорта юкъара дIавалар - манипуляци ю аьлла. Эмгаралла лелочу зудчуьнца вуьстинера цо Конор.

Байначу беттан 26-чохь ша карьера ерзош ю аьлла, дIахьедира Макгрегор Конора. Цо бахарехь, "пенси бахначу" латархойх дIакхета дагахь ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG