ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстате бехкбаьккхина Кремло


Оьрсийчуьрчу доьзалех кхоалгIачу декъанна ахча ца тоьа мачаш эца аьлла, Росстатан зорбане даьхначу зерех жоьпе хьоьжу Кремлехь аьалла, дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

"Со ца хIутту оцу ситуацех дерг ала. Мачаш эца хIунда ца тоьа? Доьзалийн кхоалгIа дакъа аьлла, муха къастийна и терахьаш", - аьлла Песковс, журналисташа Росстатан дIахьедарх комментари шега ехча.

Дахначу шеран Росстатан зераш Iорадехира РБК агенталло. 60 эзар хIусамо жоьпаш делла хиллера церан хеттаршна. 80 процент бахархоша ахча цатоаран бахьанашца, уггар цаторийла йолу бедар эца таро ца хуьлу шайн аьлла, дIахьединера.

Респондентех 10 % шайн таро ца хуьлу аьллера, кIиранах цкъа мукъна а я чIара, я жижиг эца.

20 проценто стоьмаш тIехь кхоадо шаьш ахча аьллера.

Ткъа 35 проценто доьзалехь хIоранна а шишша пара мачаш эца ницкъ ца кхочу аьлла, дIахаийтинера.

Шарахь цкъа цхьана кIиранна мукъна а садаIа даха таро яц шайн аьлла, латкъамбина хаттамехь дакхалаьцначу ах дакъа респонденташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG