Интернетан машанехь видео яржийна, Куьршала кIоштарчу спортан школехь 17- 15 шераш долчу спортхошлахь дIахьочу маьршачу латаран турнирехь иккхинчу инцидентех, яздо Lenta.ru хьостано. Лазийна стаг вац тасадаларшкахь, зулам эккхаран бахьанаш толлуш ду полисхоша аьлла, дуьйцу шен сайтехь "360" телеканало.
Инстаграмерчу chechnya_life аккаунтехь зорбане яьккхина видео. Цу тIехь гуш ду, спортсменашна юкъахь конфликт иккхинчул тIаьхьа, хьовсархошлахь тасадаларш дуьйлалуш.
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн сайтехь хиллачух информаци яц.