ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хоси-Юьртарчу бахархойн цIенош дIахьокхуш ду Iедалхоша


Юьрта юккъера парк шоръян Iалашонца Хоси-Юьртарчу Кадыров Рамзанан дай баьхначу хIусамна гергара цIенош дIахьакха долийна меттигерчу Iедалхоша. Ши кIира хан елла бахархошна шайна оьшург хIусамашкара схьаэца, цул тIаьхьа йохор йолуш ю гIишлош аьлла, хааме даьккхина "Кавказский узел" агенталло шайн хьосташна тIе а тевжина. Иттех цIа шаьш вовшахдаккха буьйлабелла хIусамдай. Юьрта юккъехь хIинцале а ян йолийна парк. Дукха хан йоццуш шаьш йолийна проект хийца а хийцина, территори кхи тIе а шоръян лаам хилла Iедалхойн, боху хьостано.

"ХIусамех бохийначарна дакъош делла кхечу меттигехь. Iедало шайн чоьтех керла цIенош дийр ду аьлла хета суна царна, йа компенсаци лахь а", - аьлла агенталле меттигерчу вахархочо Адама.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, стохка Куьршалой-Эвлахь бахархойн 37 ков-керт дIа а хьаькхна, уьш лаьттинче йохка-эцаран, садаIаран комплекс хIотторах.

Ишта дахначу шарахь Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахьаькхира Шелан коьртачу урамера 100 гергга ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла, бIешерашкахь лаьттина хIусамаш йохийнера кIоштан Iедалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG