ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а девне ваьлла Нурмагомедов а, МакГрегор а


UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба жоп делла ирландхочо МакГрегор Конора, шена зуда а, дин а сийсаздан а гIерташ, Твиттерерчу аккаунтехь хIоттийначу постна, яздо "Советский спорт" хьостано.

"Хьо шалхо лелориг ву, хьайн дешнех а, хьайгара даьллачух а жоп ца луш. Амма хьо кхелах вер ву бохург, бакъ дац. Кхечун дин аьшнашдеш, хьо кхерамзаллехь ву моьттуш хьо велахь, галваьлла хьо", - яздина Нурмагомедовс Твиттерехь.

ММА юкъара ша дIавоьдуш ву аьлла, МакГрегора байначу беттан 26-чохь хаамбича, Дагестанерчу латархочо эмгараллечу зудчуьнца дуьстира цуьнан дIахьедар. И цатайначу Ирландин спортхочо: "Чувак, хьан хIусамнана – гата ду", - яздинера, Нурмагомедовн шен юьхь къевлинчу зудчуьнца даьккхина сурт а хIоттош.

ТIаьхьо Твиттерера шен пост дIаяьккхина хилла Макгрегора, делахь а тергамза ца дитинера цуьнан йоза Junkie MMA-с а, "Лента.ру" хьостано а.

Еаридийнахь МакГрегор Конора керла хаамбина Твиттерехь, ша спорте юхавогIуш хиларх. "Кеп-кепарчу динашлахь болчу сайн фанаташца цхьаьна кхи дIа а гIур ву со. Массеран а религино дика хилар хьоьху вайна. Дуьне массарна а цхьаъ ду. Октагонехь гур ду вай", - яздина Твиттерехь МакГрегора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG