ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 21 миллион ахча даьхьна зуда лоьху Москвахь


Москварчу цхьана отелехь хиллачу криминале хиламех яздо "Московский комсомолец" газетано. Хьешан цIенна уллохь лаьттачу наха терго йина, цу хIусаман корах ара тIоьрмиг кхусуш. Дийцарехь, 21 миллион сом ахча хилла цу чохь. Baza телеграм-канало шен агIонехь а яздо кхунах лаьцна. Церан информацица, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанарчу бахархоша Iабдул-Iела цIе йолчу курьерца Москва кхачийна хилла и ахча. Стенна вовшахтоьхна хилла ахча, дуьйцуш дац цкъачунна.

Отеле тIоьрмиг бахьаш веанчу Iабдул-Iелина дуьхьадаьлла зуда а, стаг а. "Курьерна электрошокер а тоьхна, цунах лата волавелла неI йиллина стаг. Оцу юкъанна цхьана хиллачу зудчо тIоьрмиг корах ара ластийна хилла. Цул тIаьхьа охьайоьсина, тIоьрмигах ка а тоьхна, яда аьтто баьлла цуьнан", - яздо Baza-с.

Полисхоша дIалаьцначу стага, шена дага ца догIу аьлла, дIахьедина, зудчо тIоьрмиг стенна лачкъийна а, йа иза мила ю а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG