ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра хIора пхоьалгIа вахархо эмиграци йийр йолуш вара шайн аьтто хилча


Шайн аьтто баьлча Оьрсийчуьра эмиграци йийр йолуш ву хIора пхоьалгIа вахархо. Кхечу пачхьалкхе дIабаха луучу 49 шаре бевллачу нехан терахь 44 проценте хьаладьалла. Адамийн дог-ойла толлучу Iамеркарчу Gallup университето дахначу шеран бинчу талламийн жамI ду ишта.

"Шайн таро хилча, гуттаренна а даха кхечу пачхьалкхе дIагIур дарий шу?" аьллачу хаттарца зийна респонденеташ талламчаша.

Къаьсттина пачхьалкхера дIабаха лууш бу 15 шарера 49 шаре бовллалц болу бахархой. Царлахь 44 процент ву эмиграци ян луурш. 46 шарера 60 шаре кхаччалц болчу Оьрсийчоьнан бахархошлахь 9 % бу кхечу пачхьалкхе сатуьйсурш.

40 процент респонденташа шаьш Евробертан пачхьалкхашкахь Iийр дара аьлла. Цара къастийначарлахь ю Германи (15%), Iамерка хаьржина 12 проценто. Оьрсийчоьнан президентан политикана реза болчарех 12 % ву дIаваха луург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG