ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Нью-Йоркел а оьшуш-м яц Хоси-Юрт?


Хаамийн гIирсашкахь Кадыров Рамзан вехачу Хоси-Юьртахь цIенош дIахьокхуш ду парк шоръян аьлла, Iораяьккхинчу информацех комментари йитина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Сан хаттар кхоллало: Кадыров Рамзанан юьртахь хила бакъо яц парк, бакъо яц ораматаш ден?- аьлла Умаровс. - ЦIенош дехьадохуш ду, документаш а кечдеш, тIейогIучу хенахь компенсаци а луш. Цецвала хIуммаъ дац кхузахь, оха магийна ишта гIуллакх".

"Схьаэца Бостон, Нью-Йорк. Паркаш, "диснейлендаш" хьалаярхьама бIеннаш, эзарнаш цIенош новкъара дIа а дохуш, кхечу меттиге дехьа ма доху цигахь а. Изза ду Куьршалан кIоштахь дийриг а", - аьлла, дустар далийна министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG