ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла, бакъонашларъярхошка орца доьху Дебишев Тимура


Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн Лермонтовн цIарахчу театран актеро Дебишев Тимура бакъонашларъярхошка латкъамбина, нохчийн полисхоша шена тIехь ницкъбарх. Талламчаш дуьхьал хилла бехкечарна дуьхьал гIуллакх доло, цул тIаьхьа махкара аравала дезна Дебишевн.

27 шо долчу жимчу стага дийцарехь, стохка аьхка тIаьхьабевлира цунна полисхой. Кхунна евзачу йоIах хеттарш динера кхуьнга. Ницкъахойн версица, наркотикаш юхкуш ю аьлла, шеконашка эцна хиллера цара и йоI, ткъа цуьнан телефон чохь кхуьнан лоьмар карийчхьана, хеттарш дан буьйлабеллера Дебишевга.

Дахначу шеран Лахьан-баттахь юха а тIекхайкхира актер, цуьнгара телефон схьа а яьккхина, йиттинера цунна, меттигерчу наркоманех информаци ло шайна бохуш. Дебишевс чIагIдо, шен цкъа а кIомалца бала хилла бац бохуш. Шен телефонан контакташлахь карийна "Нохчо" хелхаран а, иллийн а ансамблан декъашхо Амаев Тамерлан а схьа а валийна, шена хьалха цунна а йиттира аьлла, дийцина Дебишевс. Церан карара ша вер воций хиъначу актеро хIилла дина хиллера полисхошна. Шен цIахь дIаехкина ю наркотикаш аьлла, ша цIа а валавайтина, шен нене орца дехна хиллера цо, шеца лело харцо Iораяккхар доьхуш. Цу буса а полисхойн декъехь буьйса яккхийтира кIанте, шолгIачу Iуьйранна "Iазапна дуьхьало латточу комитете" ваьллера Дебишев.

Цуьнан дIахьедарца бехктакхаман гIуллакх ца диллира полисхошна дуьхьал, "йоллу ницкъаллийн структураш бехъеш, "эладитта кхоллар" ду иза аьллера талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG