ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцна латточу гIалгIайн жигархочо мацалла кхайкхийна


Кхааридийнахь 10 дей, буьйсий чохь даккха витинчу гIалгIайн къоман цхьааллин комитетан а, меттигерчу къанойн кхеташонан а декъашхочо Барахоев Ахьмада мацалла кхайкхийна. Бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада бина цунах хаам "Кавказский узел" агенталлан агIон тIехь ша лелочу блогехь.

Барахоевн адвокато Урусова Фатимас чIагIдарехь, еаридийнахь дIахьедар дина къаночо, ша мацалла кхайкхорах, ишта цуьнан камера чуьра араяьхна массо а кхачан сурсаташ.

Ша кхайкхийна акци ойла а йина, кхетамчохь волуш йолийна ша, пачхьалкхан Iедалхойн а, юкъараллан а тидам тIеозо Iалашонца, Нохчийчоьно гIалгIайн латтанашна аннекси йина хилар а, низамаш хьоьшуш республикехь Iедалан белхахоша а, полисхоша а коррупци лелош хилар а дIахаийтархьама аьлла, Барахоевс шен адвокате.

Ишта тIедожийна къаночо, адамийн бакъонашкахула йолчу президентан Кхеташонан куьйгалхочуьнца Федотов Михаилца а, "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочуьнца Ганнушкина Светланица а шен цхьанакхетар хилийта аьлла.

65 шо ду жигархочун могушалла ледара ю аьлла, хаамбо Муцольговс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG