ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан векаллала хир ю Бакох


Азербайджан -- Нохчийн мухIажираш Бакох.

Азербайджанехь вехаш ву тахана 500 сов нохчи. Уьш а бу цигара дIабаха сатуьйсуш.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:41 0:00
Линкана тIе

Азербайджано а, Нохчийчоьно а барт бина Бакох нохчийн векалалла схьаелла. Иза хилла Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам Азербайджанан президентца Алиев ИлхIамца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, Азербайджанан президент Алиев ИлхIам а.
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, Азербайджанан президент Алиев ИлхIам а.

Делимханов Бакох хьажийнарг вара Кадыров Рамзан. Шен омра кхочушдина хиларх лаьцна хаам бира Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ВКонтакте" шен агIонехь. "ДоттагӀаллин къамел деш барт хилла Бакох Нохчийчоьнан векалалла схьаелла", - яздина Кадыровс.

Цкъачунна хала ду и гIуллакх дина чекхдоккхур ду ала, яздо цу хьокъехь Кавказ.Реалиино, шеко хилар а дуьйцуш.

2012-чу шарахь Кадыров Бакох хиллачул тIаьхьа хаам бира, кестта Соьлж-ГIалара Бакох кема лелар ду аьлла. Амма рейс хIинца а йоцуш ю, цул тIаьхьа 7 гергга шо даьллехь а. Цхьа бахьана хила а мега кема лелийта деза нохчийн авиакомпани, гIорасиз а хилла, болх бечура сецна хилар.

Бакохахь хир йолчу Нохчийчоьнан векалаллах лаьцна аьлча, кхеташ дац Соьлж-ГIалахь цу кеппара Азербайджанан векалалла хир ю-яц бохург. Нагахь иза шина агIор бина барт белахь, хаттар кхоллало, Азербайджанна оьшуш дуй те иза олий. ХIунда аьлча, 2010-чу шарарчу бахархой ларарца а догIуш, верриг а Нохчийчохь вехаш 700 гергга азербайджанхо а бен вац . Царах дукхахаберш а бу цхьана ханна Нохчийчохь гIишлош еш болх беш хилла нах.

Кхин а кIезиг нохчийн беха Азербайджанехь. 2015-чу шо чекхдолуш бинчу талламца, церан терахь дара 500 сов эккхаш. ШолгIа тIом боьдуш цу махкахь хилла эзарнаш нохчийн мухIажираш (цхьаболчу хаамашца, 12-15 эзар стаг) цхьаьнаметта аьлча санна гIевттина дIабахара цу махкара, официалан Бакохо юьхьарлаьцна политика бахьана долуш. Азербайджано иттаннашкахь лоьцуш Оьрсийчоьно дIалора нохчийн къомах болу кегийрхой.

ТIамах бевдда нохчий Оьрсийчоьнан Iедалийн кара дIабалар ца сацийра Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мухIажирашкахула йолу урхалла юкъаргIортаро а, Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖаIаран комитето а, кхин йолчу бакъонашларйон вовшахтохараллаша а дехарш даро а.

Эххаре а кадаьллачу мухIажираш йитира Бакох, кхечу пачхьалкхашка кхачархьамма. Коьртачу декъана цара хаьржира Азербайджанан дозанца йолу Туркойчоь а, ткъа иштта Канада а, Исланди а, Австри а. Карарчу хенахь цу махкахь бисина нохчий дукхахаберш хан токхуш бу мичча бахана а цигара дIабаха сатийсам болуш.

Тахана Азербайджанехь бехачу нохчех 500 гергга стаг ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло елла мухIажиран статус йолуш. Амма цаьргахь цхьа а кехат дац меттигерчу Iедалша делла. Кхеташ ма хиллара, и бахьана долуш цу нехан бакъо яц Азербайджанехь официалан кепара болх бан а, социалан гIо эца а.

Оханан-бутт болалуш нохчийн исламан гIо-накъосталлан "Салсабил-Австри" вовшахтохаралло кхайкхам бира Азербайджанерчу нохчийн мухIажирашна гIо дахьара аьлла. Цара билгалдаккхарехь, цу нехан кехаташ дац я Нохчийчу юхаберза а, я Азербайджанехь дахар дIанисдан а.

"Кавказ.Реалиица" къамел деш, Бакохара кху деношкахь Германе кхача аьтто баьллачу С. Ризвана дийцира, Малхбузенехь бехача махкахошкара гIо хиларе сатуьйсуш болу дукха нах бисина Азербайджанехь бохуш. Шайн аьтто болчу нохчаша рицкъаца гIо-накъосталла дича чIогIа гIуллакх хир дара царна, буьйцурш доьзалехь 3-4 бер долу нах хилар тидаме эцча муххале а, бохуш вара иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а зорбан сервисан Iедал дац республикан куьйгалхой дехьа-сехьа визиташка бахарх лаьцна кхоллало хаттарш кхетош. Делимханов Бакоха вахача цо хьахийна хила а мега цигарчу нохчийн мухIажирашца доьзна хаттар. Цу хьокъехь комментари каро аьтто ца белира Кавказ.Реалии" редакцин я Нохчийчуьрчу арахьарчу уьйрашкахула йолчу министраллера а, я депутатан Делимхановн офисера а.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG