ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Барселонехь полисхоша дIалаьцна 25 Гуьржийчуьра вахархо.


Испанехь дIаяьхьначу леринчу операцехь дIалаьцна Гуьржийчоьнан 25 вахархо. Царна бехке диллина къоланаш дар а, зуламечу тобанашкахь дакъалоцуш хилар а, яздо "Новости-Грузия" агенталло. Дуьненаюкъарчу полисхоша юкъахь болхбаран гурашкахь "Мерлин-така" аьллачу кодаца дIаяьхьна ю и операци. 250 полисхочо, шайлахь гуьржийн ницкъахой а болуш, кхочушйина лерина орпераци.

Барселонехь цхьана хенахь школа лаьттинчу гIишло чохь куп тоьхна хилла цхьана зуламхойн тобан декъашхоша. Кеп-кепарчу пачхьалкхашкара верриг а 100 сов ву дIалаьцнарг, 25 Гуьржийчуьра схьаваьлла ву. Гуьржийн чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Борцвадзе Владимира бахарехь, лецнарш бехкебо хIусамашкахь къоланаш дарна а, зуламхойн тобанашца боьзна хиларна а. Цо дIахьедарехь, шо гергга хан хилла полицино зуламхошна тIехь терго латто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG