ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГаланчIожехь ваха сатесна 6500 стаг ву боху Iедалхоша


ГаланчIожан кIошт
ГаланчIожан кIошт

ГIалгIайчоьнца доза тоьхначу ГаланчIожан-кIоштахь ворхI эвла юхаденъян сацамбина шаьш, шайн дай баьхначу ярташка берза лаам бу 1400 гергга доьзалан аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша. "Кавказский узел" агенталло хаттамбинарш тешна бу, белхан меттигашца а мехкан Iедало цхьа амал бийр бу аьлла.

Дахначу шеран чакхенехь дIакхайкхийра Нохчийчоьнан урхалхоша, ГаланчIожан-кIошт юхаметтахIотто Iалашо ю шайн аьлла. Цигарчу ярташкахь баха луучех информаци гуляън дуьйладелира шаьш, цхьана кIиранчохь 200 гергга доьзало дIахьедира, шаьш реза ду аьлла, дийцина Iедалхоша.

Зазадоккху-баттахь дIакхайкхийра ГаланчIожахь кхо некъ тобина шаьш, дан долийна 80 цIа аьлла. Доккхачу декъанна денъеш ю Ахничу а, Мержа а, Цечахки а, Чермаха а, Хьайбах а, Ялхорой а. ХIора оцу эвлахь 10-15 цIа дан тIелаьцна мехкан Iедалша.

Делахь а, кIезиг бац дай баьхначу ярташка берза цалуурш а. Iер-дахарн хьелашца перспектива ца го шайна боху цара. Тоаме дахаран хьелаш цигахь дIа ца нисдича, маьIне дац аьлла цара цигахь вахар.

"Некъаш дац, ток яц, тIееана газ яц, хи дац… Уггар а оьшу болх бац", - аьлла "Кавказский узел" агенталле меттигерчу вахархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG