Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан "Ахмат Арена" стадионехь кхозуш хилар къастаде аьлла, тIедожийна Сербино Оьрсийчоьнна. Сербин Оьрсийчуьрчу векало Терзич Славенкос дина и дехар аьлла, яздо "Известия" газетано. Белградехь реза боцуш инзарбевлла, Косовон символ Соьлжа-ГIаларчу стадионехь гича аьлла, дIахьедина Терзича.
Ситуацина тIе тидам бахийтина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а. Мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iаьлвис, гIуллакх толлур ду шаьш аьлла.
Инцидентех вистхуьлуш, "Ахмат Аренан" пресс-атташес Умаров Рамзана дIахьедина, гIуллакх оьшуш дац дарсто, байракх цигахь кхозу масех шо а ду аьлла.
2008-чу шарахь Косовос ша йозуш ца хилар дIакхайкхийра, ткъа Серби и къобалдан дуьхьала ю.