Пхи миллион ах миллион ахча луш ду Нохчийчоьнна виртуалан концертан хIусамаш кхолла. 2024-гIа шо чекхдалале Оьрсийчохь вируталан концертан 500 чоь кхолла дагахь бу Iедалхой.
Оцу хьашташна аьлла, 33 регионна юкъахь 200 миллион доькъуш омрана куьйгъяздина Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс. Кабинетан министрийн сайт тIехь Iорабаьккхина и хаам.
Синбахамаллин центршна генахь бехачу нахана таро лур ю оцу виртуалан хIусамаша гоьбевллачу артистийн концерташка уьш йоьлхучу заманчохь хьовса.